Цуьнан шатайпаналла ю (куьзганаш ца лелорал а сов!) берашна цкъа а "шеаннаш" ца дахкар! Маршо Радио/ Хасимиков Сулбан.
91 шо долу хьехархо Гугуев Ширвани
Нажи-Юьртан кIоштарчу Куьйрен-Бенойн школерчу хьалхарчу классехь вац 5 дешархо бен. Амма и класс шатайпа ю ерриг а Оьрсийчохь - уггаре къена хьехархо ву цигахь болх беш, Гугуев Ширвани.