ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров Сергей Сербехь


ПIераскандийнахь Сербе вахначу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс лаккхара мах хадийна Белградан, Москохан юкъаметтигийн. Цо кхъобалдина, цигарчу шен коллегас Дачич Ивица, Сербино Оьрсийчоьнца гергарло лелор ца тов Европан Бертана, цундела ца оьцу цо шен могIара Серби, аьлла дина дIахьедар.

Кремл саготта ю Къилбаседа Македонехь лаьттачу къепедацаршна элира Лавровс, оцу махкахь тIаьххьарчу заманчохь 22 албанхо вийна хилар а хьахош. Иштта Лавров Сергей цхьанакхетта Сербин президентца Николич Томиславца а, премьер-министрца Вучич Александрца а. Меттигерчу «Политика» газетана интервью луш Лавровс Москох ТIеман параде варна баркалла элира Николична, Серби Европехь Оьрсийчоьнан уггаре герга хьаша ю аьлла тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG