ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТехIеран гIодан кийча ю гонахарчу мехкашна


ГIажаройн лидера ХIаменаи Iела-аятоллас дIахьедина, ТехIерано шен таронашка хьаьжжина гIодийр ду «балехь бохкучу регионерчу мехкашна – Йеменна а, БахIрейнна а, Палестинана а», аьлла. Шоьтадийнахь ИРНА-агенталло баржийна и хаам. Iаьрба мехкашкарчу комментаторшна хетарехь, ГIажарийчоь шен олалла даржон гIерта Персин Аймана гонахарчу пачхьалкхашкахь.

Еарийдийнахь Персин Аймана гергарчу мехкийн лидерш цхьаьнакхийтира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентца Обама Баркца Вашингтонехь. Iамерко терго латтор ю церан регионехь арахьара кхерам лахбеш, хилахь иза ГIажарийчоьнера а, бохура Обама Барака. Оцу хьокъехь ТIехIеранан дипломатин урхаллан пресс-секретара дIахьедина шоьтадийнахь, «беламе ду гIажарой кхераме бу бохург, регионнна кхерамениг Йеменерчу хIутхошна тIе бомбанаш етта СаIуда Iаьрбийчоь ю», аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG