ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рамади юхасхьаяккха гIерта Иракъ


ШиIатойх вовшахкхетта тIемалойн тобанаш декъаяхана Iедална ницкъаша «Исламан Пачхьалкх» олучу ницкъашкара кIирандийнахь яьккхина Анбар провинцин шахьара Рамади юхаерзош бечу тIемийн. Рамадина гергарчу Iедалан тIеман базе дIагулъелла гIала къовса гIаьттина и ал-ШаIаби шех олу тоба, бохура оршотдийнахь Анбаран кхеташонан куьйгалхочо КIархIут Сабахьа.

И шиIатойн тоба хьалхо билгалъелира Тикрит гIалахь бехачу суннатошна тIехь гIело йина аьлла. Оцу бахьанийца Иракъан премьер-министра а, Анбар провинцин Iедалерчу суннатоша а, цаьрца цхьаьна Iамеркан Штаташа а ца бевлла магадо Рамади гIала юхаерзош вовшахтухучу тобанашлахь динан гаранах, шиIатойх, пайдаэцар.

Ткъа оршотдийнахь Анбарерчу суннатойх болчу куьйгалхоша даредо хIоьттинчу хьолехь ал-ШаIаби тоба жихIадхошца бечу тIамехь пайде хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG