КIира хьалха йоьжначу Рамади гIалина гергарчу лаьттан дакъа дIадаьккхина Иракъан эскарша «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанашкара. Иза кху деношкахь лаьттачу тIемашкахь юхабилинчу Iедалан ницкъаша дуьххьара дина тIелатар ду. ТIеман операци эскарша йолийна шоьтан Iуьйранна, аьлла хаамбина цIе ца яьккхинчу Иракъан эпсарша, дуьйцу Эй-Эф-Пи агенталло.
Хьал тергалдечу наха а, официалера йоцчу хьостанаша а бечу хаамца, «Исламан Пачхьалкх» тобанашна дуьхьалоеш, тIелетарш долийна Iедало Рамадина уллерчу дIалаьцна юьсучу Халдия гIалина гергахь а. Стратегехь мехала йолу Рамади яккхарца жихIадхоша ницкъала тохар дина Иракъан эскаршна. ТIеман аренашкара хьал довзийла дац цкъачунна юьззина тешаме йолчу хьостанашкара.