Шен накъосташна герз диттина Тунисехь цхьана эскархочо. И бахьана долуш цхьа стаг вийна, 8 - чевнаш йина ву. Цул тIаьхьа и эскархо ша шена тоьхна велла. Цуьнан цIе юьйцуш яц.
Тунисан Iедалан векалша чIагIдарехь, цу пачхьалкхан эскаран цхьана тIеман базехь хилла болу и бохам теракт яц. Полицино къастош ду хиллачуьнан бахьана.