ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шуьйра тIеман Iамораш долийна Оьрсийчоьно


Шуьйра тIеман Iамораш дуьйладелла Оьрсийчохь. Царна юкъахь дакъалоцуш ду 250 кема а, беркема а, 700 гергга тIеман техника а. Оьрсийчоьнан тIеман министралло бинчу хаамца, деа денна леринчу цу тIеман Iаморашкахь дакъалоцуш ву 12 эзар эскархо.

Оьрсийчоьнан тIеман куьйгалхоша шаьш зуьш ду боху шайн эскарш тIаманна кийча хилар. Маневрийн планаца а догIуш, тIеман кеманаша хила мегаш волчу мостагIчунна тохарш дийр ду ракеташца Коми республикехь йолчу «Пембой» олучу полигонехь.

Политикан эксперташна хетарехь, Оьрсийчоьно дIахьош долу тIеман Iамораш политикан Iалашо йолуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG