ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин гIаланаш схьаяха дагахь бу Донецкера сепаратисташ


Украинин гIаланаш схьайохур ю шаьш аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратистийн хьалханчех волчу Захарченко Александра. Цо дийцарехь, Донецкана Iуналла деш болу сепаратисташ дагахь бу Славянск а, Константиновка а, Красноармейск а гIаланаш д1алаца. Захарченкос бинчу хаамца, политикан гIулчашца и гIаланаш шайн куьйгалкъхелла эца церан аьтто ца хиларна уьш дагахь бу ницкъаца уьш схьаяха.

Захарченкос ша шех Донецкан халкъан республикан премьер-министр олу. Цо хьалха а дIахьедарш дора Донецк областана юкъайогIуш хилла Украинин Iедалш Iуналла дон меттигаш ницкъаца дIалаца дагахь ду шаьш бохуш. Лаххара 6100 стаг вийна Украинин эскархошна а, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа а юкъахь хиллачу тIемашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG