ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIех луьра дуй-те экзаменашкара хьал?

Нохчийчоь --Берана боккха тIеIаткъам хуьлу Пачхьалкхан экзаменаш дIалуш, 2015
Нохчийчоь --Берана боккха тIеIаткъам хуьлу Пачхьалкхан экзаменаш дIалуш, 2015

Пачхьалкхан юкъара экзамен (ЕГЭ) тIех шогачу кепашкахь хIоттор бахьана долуш вуно дукха дешархошна тIеIаткъам хуьлу Оьрсийчохь. Нохчийчохь-м кхин а къиза ю цуьнан тIаьхьало. Закан-Юьртарчу школехь и экзамен бахьанехь полисхоша еттаро оьгIазбахийтина Нохчийчоьнан бахархой.

И санначу хиламашца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, нийса дуй Пачхьалкхан юкъара экзамене полици хьийзар, видеокамераш а хIиттийна, иза оццул шогачу хьелашкахь дIаяхьар?

Иштта ду Маршо Радионо кху кIиранан хаттар.

Цуьнан хьокъехь шайна хетарг довзийта тхуна.

Тхан Прагера телефон: + 420 724019832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: radiomarsho. com.

XS
SM
MD
LG