ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIазошний, узбекашний юкъахь цIий Iаьнна пхи шо кхаьчна


ГIиргIазошний, узбекашний юкъахь цIий Iаьнна пхи шо кхачар дагалоцуш ГIиргIазойчоьнан президента Атамбаев Алмазбека, цхьаалла, машар Iалашбаре кхайкхина мехкан халкъ. «ХIетахь узбекаш, церан доьзалш къелхьарбохуш хьийзинчу гIиргIазоша гайтира адамехь коьртаниг цуьнан къоман башхалла а йоцуш, адамалла дуйла, адаман доьналла дуйла» - боху президента ша кхаарийдийнахь бинчу кхайкхамехь.

"Мел хан яьллехь а, дов айдинчарна таIзар хир долуш ду", - элира Атамбаевс, махкара ведда арахьа веха, цIий Iенаш президентан даржехь хилла Бакиев Курманбек а, цуьнан го а хьахош. Шина къома юкъадоьллачу девнехь вийра 5 шо хьалха 400 вахархо, эзарнашна дийзира махкахбовла Ошан а, Джалалабадан а къошташкара. Дукха нах бу доьза байна а. ХIетахь президент лаьттина Бакиев, махкара ваддарх веха Беларусехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG