ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Капеллона оьгIазбахана Оьрсийчоьнан Думан депутаташ


Фабио Капелло Оьрсийчоьнан футболан тобан коьрта тренер волчура дIаваккха веза аьлла кхайкхам бина Пачхьалкхан Думан декъашхоша. Физкултаран а, спортан а комитетан куьйгалхочунна Ананских Игорна хетарехь, Капеллос цхьа пайда бохьур бац оьрсийн тобанна.

Италера футболан говзанча Капелло Фабио куьйгалхо хIоттийра Оьрсийчоьнан футболан тобанна 2012-чу шарахь. Цуьнан шеран алап ду 7 гергга миллион евро. Нагахь Капеллоца йина контракт юкъахъяккхахь Оьрсийчоьнан дала дезар ду цунна 30 миллион гергга евро .

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG