Кху шеран Мангал-беттан 16 дийнахь 90 шо кхаьчна "Артек" олу берийн лагер кхоьллина.
"Артек". Историн 90 шо
10
1983 шарахь "Артекехь" хилира Iамеркера йоI Саманта Смит. И йоI гIараяьллера, боьдуш Шийла тIом а болуш, цо Андропов Юрийга кехат яздарна. Цул тIаьхьа Советан Пачхьалкхан куьйгалхоша Саманта а, цуьнан да-нана а кхайкхира хьошалгIа.
Суртан тIехь - Саманта Смит "Артекехь", 1983 шо
Суртан тIехь - Саманта Смит "Артекехь", 1983 шо
11
2000 шарахь "Артек" кхоьллина 75 шо кхочуш 1960 шерашкарчу пионераш яздина кехат схьадаьстира цигахь. Цу кехатана тIе куьйгаш таIийнера ерриг а пачхьалкхарчу 1200 пионеро. И кехат чохь долу капсула латтийнера 40 шарахь Костровая олучу майданахь.
12
Лерринчу линейкехь схьадаьстира кехат. 1960-чу шерашкарчу пионерашна моьттуш хиллера 2000 шарахь дерриг а къаьмнаш маьрша дехаш хир ду а, адамаш баттана тIе ktkfi хир ду а, ткъа "Артекехь" шен космодром хир ю а.
Суртан тIехь - Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ву "Артекехь", 2001 шо.
Суртан тIехь - Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ву "Артекехь", 2001 шо.
14
ХIинца "Артеке" оьхурш бу Оьрсийчоьнан политикаш. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Валуев Николай. 2014 шо, Товбеца-бутт.