ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венгрино пен буттур бу Сербин дозанца


Сербин дозанца пен ботта дагахь ду шаьш аьлла дIахьедар дина Венгрин Iедалша. Цуьнан Iалашо ю къайлаха цу махка оьхуш болу мигранташ совцор. Венгрин арахьарчу гIуллакхийн министро Сийярто Петера дIахьедар дина Кхаарин дийнахь шаьш чоьхьарчу гIуллакхийн министранна тIедиллина 175 километр беха а, 4 метр лекха а болу Сербин дозанца болу пен бан оьшуш дерг кхечде аьлла.

Цунна хетарехь, иммиграци вуно хала проблема ю Евробертана хьалха хIоьттина йолу. Ткъа Венгри лаьдоьгIуш Iан йиш йолу яц элира Сияртос. 2014-чу шарахь дуьйна цIеххьана алсам даьлла Венгре оьхучу мигрантийн терахь. Коьртачу декъана уьш кхочуш бу цу махка Сербихула. ХIара шо доладелчхьана 54 эзар мухIажиро тховкъело ехнн Венгрин Iедалшка. Стохка цу нехан терахь дара 43 эзар стаг, ткъа 2012-чу шарахь Венгре баьхкинчу мухIажарийн терахь дацара 2150 стаг бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG