КхоалгIа де ду Эрмалойн шахьарахь Ереванехь низаман ницкъашший, тоькан мах бесторна гIевттина гуламхоййий дуьхь-дуьхьал лаьтта. Шинарийн сарахь ворхI эзар протестхо новкъавелира Эрмалойчоьнан президентан резиденце ваха, амма, некъаш а бихкина, сацийра полицино. БIеннаша бара нехийн контейнершца шаьш йинчу чIагIонехь буьйса йоккхуш.
Кхаарийдийнан Iуьйранна Ереванан полицин буьйранчас Карапетян Ашота машаре дIасабовлар дехнера нахе. Амма гулам боханза бу. Эрмалойчохь тIаьххьарчу шерашкахь хилла бацара оццул баккхий протестан гуламаш, кху муьрехь бахархой карзахбохург ду царна, шайн мохк дахаран хьелашца беркъа хиларца Оьрсийчоьнах бозуш гар.