ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сусс гIалин курортерчу луьйчийлехь лаххара а 27 стаг вийна


Тунисан полицин пресс-секретара бинчу хаамца, оцу махкарчу Сусс гIалин курортерчу луьйчийлехь динчу эккхийтарехь лаххара а 27 стаг вийна, шайлахь кхечу мехкашкара баьхкина садоIу нах а болуш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало Аровви Мохьамада теракт ю элира йинарг меттигерчу телегойтийлехь.

Риу Мархьаба олучу отелна уллехь эккхийтар диначу тIемалойх цхьаъ вийна полицина йинчу дуьхьалонехь. Къилбаседа Африкехь гоьевллачех ю Сусс гIалара садоIийлаш. Кхо бутт хьалха меттигера жихIадхой тIелетира Бордо гIаларчу музейна, вийра масех турист.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG