Грецина хьеха кхин некъ ца бисина шен иза дефолтах хьалхаяккха я Европан Бертехь сацон, аьлла журналисташца къамелдеш Брюсселехь оршотдийнахь Европан комиссин куьйгалхочо Юнкер Жан-Клода. Шена хаийтина Грецино экономикан бохамах хьалхаяла кеп лохуш халкъе референдумехь хатта сацамбинийла, цуьнца доьзна ша хьоьху жIайхошна Iедалан сацам къобалбар, элира Юнкера.
«Иза хала ду, амма ца дича ца долу», - бохура Евробертан комиссин лидеро. Германин канцлеро Меркел Ангелас дегайовхо къадийна, компромисс карон тарлуш ду, аьлла. «Евро-ахчане Греци дIа ца текхалуш хилча, дан хIума дац», - бохура ткъа цо а.
Банкашна а, фондан базаре а сихха дIакъовлало, аьлла, омра дина Грецин премьер-министро Циприс Алексиса. КIирандийнахь ша кредиторашка юха а доьхур ду ханна ахча далар, элира Циприса.