ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан Пачхьалкх" тобанера хьаькам вийна


«Исламан Пачхьалкх» олучу тобан лидерех а волуш, арахьара керла бIаьхой тIеоьцуш хилла тунисхо ал-ХIарзи ТIарикъ а, цуьнца кхин цхьа тIемалойн куьйгалхо а вийна еарийдийнахь, Iамеркан Штатийн буьйранчаша бечу хаамца.

Ткъа Пентагонан векала Дэвис Джеффа ал-ХIарзи Шаддади гIалахь ши кIира а ду вийна аьлла. Стохка Iамеркарчу хьукматаша, ал-ХIарзи террорхойн могIара а язвеш, хаамбира, цо шаьш а леш, терроран лелхийтарш дечу тIемалой тоба вовшахтоьхна, аьлла. Дэвис Джеффна хетарехь, ХIарзи шайн могIаршкара валар бохаме ду «Исламан Пачхьалкх» тобанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG