Грецехь референдум хиллачул тIаьхьа дIоггара валюта дай далар а, индексийн барамаш лахбалар а цахилла. Референдуман жамIаш девзинчул тIаьхьа жимма дайделлера евро.
Амма хIинца цуьнан курс юха а хьалаяьлла. Кредитораш бохург кхочуш дан ца оьшу аьлла бахархоша сацам бинчул тIаьхьа дайделла мехкадаьттанан мехаш. Европерчу Brent олучу мехкадаьттан черманах ло 80 цент къезиг, кху беттан 3-чу дийнахь луш хиллачул а.
Ткъа Техасерчу мехкдаьттан черманах ло 55 доллар. КIира хьалха цуьнан мах бара 57 доллар.