Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин кхеташоно йийцаре йир ю Британино хьалхатеттина йолу резолюци. Иза йоьзна ю Боснерчу Сребреница гIалахь маьрша адамаш дайина 20 шо кхачарна. И зулам геноцид хиларх лаьцна сацам бан беза аьлла ду цу резолюцина тIехь.
Цунна дуьхьал хила мегаш ю Оьрсийчоь. Иза кечйелла ю, Кхерамазаллин кхеташонехь шен йолчу бакъонах пайда а эцна, вето кхайкхо. 1990-гIа шераш дуьйлалуш Югославехь тIом боьдуш Оьрсийчоь гIотор еш яра Боснерчу сербашна а, Сербина а. Резолюцина тIехь емал еш ю Сребреницехь хилла акхалла. Цу тIехь кхайкхам бу дерриг а дуьнентIехь адамашна тIехь геноцид яр сацаде аьлла.
Босни а, Герцеговина а кечлуш ю Сребреницехь хилларг дагалаца кху беттан 11-чу дийнахь. Маьрша бусулба адамаш дайаран бехке бу Боснера сербаш. ХIаагерчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Дуьненаюкъарчу кхело даре дина Сребреницехь адамаш дайар геноцид хилар.