ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хорватехь тIеман зуламаш дина "Капитан Драган" дIавелла Австралино


Австралино Хорватин Iедалшка дIавелла волу тIеман зуламаш дарна бехке веш волу Хорватера серб Василькович Драган дIакхачийна Загребе. «Капитан Драган» аьлла цIе яхана волу и стаг Хорватин Iедалша бехке веш ву йийсаре лецна нах кIиза хьийзорна а, Хорватин салтий а, полицин белхахой а байарна а. И зуламаш дина цо Книн гIалахь а, Бруска эвлахь а 1990-гIа шераш дуьйлалуш Балканийн тIом боьдуш. Иштта иза бехке веш ву, Глина гIалана тIелатар а дина, маьрша бахархой байарна.

Сербийн тIеман тобанан хьалханча хиллачу Василькович и бехкаш тIецадуьту. Амма цо журналсисташка дийцинера тIамехь ша адамаш дайина хиларх а, йийсаре лецна нах лебина хилар а лаьцна.

Австралера Василькович схьавоьхуш яра Хорвати 2006-чу шарахь полицино иза цу махкахь схьалаьцначхьенахь дуьйна. 2009-чу шарахь Австралин кхело, закъалтана ахча а эцна, талламан изолятор чура аравалийтира иза. 2010-чу шарахь Василькович къайлавелира. Амма кхин а 10 де даьлча иза, схьа а лаьцна, набахте чувоьллира Сидней гIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG