ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом бахьана долуш 4 сов миллион стаг ведда Шемара


ТIом бахьана долуш 4 сов миллион стаг ведда Шема-пачхьалкхара. Царах цхьа миллион сов стаг мухIажир ваьлла кху тIаьхьарчу 10 баттахь. Цу тайпа терахьаш далийна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухIажирашкахула йолчу урхаллан куьйгалхочо Гутерреш Антониус. Шемахой уггаре йоккха тоба ю тIом бахьана долуш махкара араяьлла лелаш йолу, кху тIаьхьарчу 23 шарахь.

1992-чу шарахь лаьрча, цу тайпа декъаза хьал ловш вара дуьненаюкъарчу организацеш деш долу гIо-накъосталла бахьана долуш хене волуш болу 4 миллион 600 эзар овхIанхо. Гутерреша дийцарехь, мухIажираш боцурш кхин а 7 миллион 600 эзар стаг ву Шемахь хIусамаш а йитина тIамах ведда лелаш. ТIаьххьара болчу хаамашца, 230 эзар стаг вийна Шемахь 2011-чу шеран Охан-баттахь йолаелла конфликт бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG