ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел аьхна ду цхьалха вахар?


Керла доьзал кхоллар даиман а хилла жоьпаллин гIулч. ТIаьхьарчу хенахь зама хийцаяларца хийцаделла зудаялорца а, йитарца а доьзначу хаттаре хьежар. ХIора шарахь алсамдолуш ду доьзал цакхуллуш бехачу нехан терахь.

«Газета.Ru» интернет портало дийцарехь, кху тIаьхьарчу 50 шарахь Оьрсийчохь доьзал а цакхуллуш бехачу нехан терахь алсамдаьлла 6 процентана тIера 23 проценте кхаччалц. Цуьнан бахьана масийтта ду. Iилманчаша дийцарехь, нагахь стаг, я зуда шен лаамехь ша вехаш, я ехаш ялахь цу гIуллакхо ирсе бо уьш.

Ткъа хIунда ду дика ша вехаш хиларан? Цу хаттарна жоп лехна Газета ру авторо Осипова Еленас.

Цкъа делахь, маьрша хан дуккха а хулу. Ша цхьаъ вехачу стеган шортта маьрша хан хуьлу, доьзалш болчу доттагIийн а, белхан накъостийн а йолчул а.

Делахь а и хан хьан мостагI хила мега, нагахь ша цхьаъ вахар халончу даьллехь. Амма доьзал а боцуш вахар товш волчунна хан вуно боккха бахам бу. Хан хилар бахьана долуш хьайна луург дан йиш ю хьан маьрша хан хилча. Ша вехачу стаганна ша бехке ца хета, шена луург а деш, хан иза йойуш велахь. Иза цуьнан дахар ду, цуьнан хан ю.

Ша цхьаъ вехачу стеган аьтто бу керла говзалла караерзо, мотт Iамо, книга язъян иштта дIа кхин а. Доьзал болчу стеган цкъа а хир бац цу кепара аьтто.

Ша цхьаъ вехаш волу стаг наггахь ойлане вужу, доьзал хилча дика хир дара олий. Иштта ша цхьаъ виса лууш хуьлу доьзал кхаба гIерташ воллу стаг а. Цундела кхечу нахаца юкъаметтигаш лело лаар ледарло санна тIеэца оьшуш дац доьзал боцучу стага.

Ша цхьаъ вехачу стеган аьтто бу, доттагIий а глубина, дагардуьйцуш хан такха. Амма уьш кIордийначул тIаьхьа суьйре ерзо а бу цуьнан аьтто алсам. Долца вехачу стеган цу тайпана аьттонаш бац.

Ша цхьаъ вехачу стагана мехала ду доттагIий хилар. ДоттагIалла лело деза дера ша вехачу стага. Цунна гонаха хила беза, доьзал боцуш вахарна иза емал веш боцу нах.

Амма муьлхха а ша цхьаъ вехачу стеган доттагIий хьулу цунна зуда яло, я зуда ялахь иза маре яхийта кечбелла болу. Уьш боцурш цхьаъ мукъане а доттагI хила веза хьо ма-варра иза мегшаш волу. Нагахь цу тайпан доттагI велахь кхин оьшуш хIума дац аьлла хетало.

"Газета.Ру"авторо Осипова Еленас бина тидамаш бакъ хила а тарло оьрсашна юкъахь. Амма нохчий дахаран шен амалш ю. Нохчийчохь доьзалш кхуллучу нехан терахь мелхо а алсамдаьлла аьлла хета психологан дешар дешначу гозанчина Аюбова Дагмарина. Цул соа, зудаялор мелла а хьалхе нисло церан. Уьш цакхоьру доьзал кхаба рицкъ даккха аьтто цахиларна, бохуш яра Аюбова.

Цхьа хан дIаиккхинчул тIаьхьа зуда яло карх ца дола олуш Iедал ду нохчаша, шайн берашка доьзал кхоллийта гIерташ. Иза бакъ хилар дахаро гойту, бохуш дийцира Аюбова Дагмарас. Шена дуккха а кегийрхой а, гIеметта хIоьттина а нах а, хене бевлла зударий а бевза доьзал кхолла сихлуш боцу бохуш яра Аюбова.

Британерчу Daily Mail газето яздарехь, Британехь керла доьзалш кхолларца доьзна гIуллакх уггаре а лахарчу тIегIантIехь ду 1895-шарахь дуьйна дуьстича. Британин къоман статистикан урхалло далочу терахьашца 2011-чу шарахь 286 634 керла доьзал кхоллабелла цу пачхьалкхехь. 1972-чу шарахь и терахь дара 41 прооцент алсам - 480 285.

Малхбалерчу пачхьалкхашкахь божаршна зудаялор цалааран коьрта бахьана ду жоьплла алсам хилар, цуьнах хуьлуш долчу дикачу хIуманел а. Коьрта лазам бу доьзал бухуш хиллачу хIусамнанна дала деза рицкъ. Цуьнан масаллаш дукха ду. Къаьсттина иза хьакхалуш ду хьоладайх. Дукха хан йоцуш Маршо Радионо инфографика кечйира цу хьокхехь.

http://www.radiomarsho.com/contentinfographics/infographics/27067063.html

Олигархашкара дIабоьлхуш зударша даькхинчу ахчанан барамаш вуно баккхийн бу. Цара шаьш битинчу зударшна делла ахчанаш ду иттаннаш миллионаш долларш.

200 шо хьалха, масала Британехь, зудий-майрий дIасадолуш бераш деца дуьсуш хилла, уьш кха дезаш верг иза волун дела. Карарчу хенахь бераш дукхачу хьолахь зударшца дуьсу, бераш а, йитина зуда а кхаба дезарг хуьлу хIусамда. Наггахь царна тIекхета хиллачу зудчо кхечу стагана дина бераш а, бохуш яздо Daily Mail газето.

Цундела кхеташ ду Iамеркехь а, Малхбузерчу Европехь а доьзал цакхуллуш баха лаам болчу нехан терахь алсамдолуш хилар.

XS
SM
MD
LG