ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан дийцарш барт хилла дирзина


ГIажарийчоьнца деххачу шерашкахь ницкъалчу 6 пачхьалкхо зарратан герз цуьнга ца кхоллийтархьама хьош хилла дийцарш дирзина лара догIу - хилла барт. Оцу хьокъехь Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн декъан куьйгалхочо Магерини Федерикас иштта дIахьедина: «Доьналлица, политикан кхетамца, вовшашка ларам а болуш, оха лехи, тхуна карий дуьненна а оьшуш хилла барт». Итт шарал сов лаьттина дийцарш, хIинца, шинарийдийнахь Венехь дирзина. ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Зариф Мохьаммада, бертан мах хадош, «исторехь буьсу барт бу хилларг, эшаме хир яц цуьнан тIаьхье» - аьлла.

Обама Барака дIахьедина бертан хьокъехь, Конгрессо некъ латтор бу барт кхочуш хилийта, низамашца дуьхьало йийр ю муьлххачу а новкъарлонна, аьлла. Бертаца а догIуш, гIажарой юхабевлла зарратан герз кхолларх, ткъа дуьнено юхаоьцу ша ГIажарийчоьнна тоьхна лаьттина экономикан эмбарго.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG