ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалатдевлла Iамеркан беракеманаш


Кабулна гена доццуш тIалибашний, шайн эскаршний юкъахь тIом боьдуш, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн беракеманаша, шаьш тохарш деш, гIалат а девлла, ворхI эскархо вийна, аьлла, дIахьедина ОвхIанистанан Iедало. Лагор провинцехь хиллачу оцу бохамехь кхин пхи эскархо лазийна ву, хаамбина меттигерчу Iедалан тIеман дакъойн буьйранчас Разакъ Iабдуллас а.

Атлантикан альянсанний, ОвхIанистанан эскарийнний координаци ледара хилар ду гIалатан бахьана, аьлла Лагоран губернатора Амин Мохьмад Рахьима. ОвхIанистанерчу Iамеркан тIеман векала Трибус Брайана шаьш толлуш ду хилларг, аьлла хаамбина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG