ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуккха а бу ТехIеранца бинчу бертах цатешарш


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министра Картер Эштона дIахьедина, ГIажарийчоьне зарратан герз кхоллар дуьтуьйту агIо-вариант дIаяьлла яц хIинца а, аьлла. «Зарратан хьокъехь бинчу бертан диканиг ду оцо тIеман вариант юхайоккхуш яцар, » - элира Картера ша Израиле воьдуш, кеманчохь волчу юкъанна, кIирандийнахь.

Оршотдийнахь Израилан тIеман министрца Яалон Мошеца дийцарш дIадаьхьира цо. ТехIеранца зарратан герзан хьокъехь барт хиллачул тIаьхьа даьхкинчу кху деношкахь Малхбале ваханчу Картеран Iалашо ю Израилан а, СаIуда Iаьрбичоьнан а, Урдунан а куьйгалхой ган.

Зарратан программах бинчу бертах шен болу хьажам хийцанза ву, масала, Израилан лидер Нетаньяху Биньямин, цо «историн гIалат» ду аьлла Венерчу дийцарийн жамIах лаьцна ша деношкахь къамелдеш.

Ткъа оцу юкъанна оршотдийнахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташоно къобалдина ТехIеранна тоьхна лаьттина экономикан эмбарго дуьнено юхаяккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG