ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан бертах хетарг къастон 60 де ду Iамеркан


ГIажарийчоьнна тоьхна лаьтта экономикан, йохк-эцаран эмбарго Малхбалено юхаяккха тарло ах шо даьлча, аьлла, дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Керри Джона. «Санкцех хьалхаялале ГIажарийчоь декхаре ю Дуьненаюкъарчу зарратан агенталлаца цхьаьна бертан цхьацца агIонаш билгалъяха, ах шо эша а тарло цакхетамаш дIабаха» - аьлла цо «Iамеркан Аз» радион гIажаройн редакцехула оршотдийнахь.

Бертан башхаллаш зен, хетарг къастон 60 де ду Iамеркан Штатийн Конгрессан, ткъа цунна цатовш бертан текстехь меттигаш нислахь, ехха ветон бакъо юкъа а яьккхина, къийсаяла а некъ бу президентца Барак Обамица. Иштта, шайн махкахь бинчу бертан агIонаш йийцаре йо ГIажарийчоьнан Iедало а. Парламентехь вистхуьлуш арахьарчу гIуллакхийн министра Зариф Мохьаммада «барт кIоргга динчу зерашна тIехь бина бу,» - аьлла.

«Барт буьззина ГIажарийчоьнна пайдабохьуш бу оха бахац, муьлххачу а дийцаршкахь хуьлу агIонийн лаамашна некъ буьтуш, амма вайн интересаш вай ца хьашийтина», - бохура Зарифа. Парламенто 15 стагах кхеташо хаьржина бертан башхаллаш талла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG