ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан герз карахь долу Оьрсийчоь кхераме


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн гIаш-эскаран штабан буьйранчас Милли Марка шинарийдийнахь Сенатехь къамелдеш дIахьедина, Штаташ йоххол зарратна герз карахь долу Оьрсийчоь кхераме ю шайн пачхьалкхна, аьлла.

«2008-чу шарахь дуьйна герзашца кхерамаш туьйсу Оьрсийчоьно. Суна ца хаьа, юкъадоккхур ду цо иза я дац. Амма цуьнан и дан таро а ю, оцу маьIнехь хьаьжча, иза кхераме а ю, - бохура инарлас Миллис. ТIаьххьарчу кIиранах Iамеркан инарлех оццу кхерамах лаьцна дIахьедарш дина кхин а кхаа лаккхарчу даржашкарчу инарлаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG