ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу гуламе баха кечбелла ГIирмера векалш тIекхайкхина Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьнан низамхоша шайна тIекхайкхина тIедогIучу мукъаденошкахь Туркойчохь хуьлучу гIирмин гIезалойн дуьненаюкъарчу гуламе баха кечбелла ГIирмера векалш. ГIирмахойн Курултайн лидеро Смедляев Заира яздо шен Фейсбук-агIонехь, ша а, шен гIовс Джелял Нариман а хаттаме кхайкхина Талламан комитете, бохуш.

ХIоттийна бахьана ду стохка, шеран юьххьехь шайн мохк Украинан декъахь биса луучу гIирмахоша Оьрсийчоьнна дуьхьал гуламаш хIиттийна хилар. Курултайн куьйгалхо Смедляев Заир тешна ву ша а, шен гIовс а хаттаме кхайкхар Туркойчуьрчу гуламе цавахийтархьама ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG