ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Барзани Масуда кхайкхамбина нах ца балийтархьама


Курдистанан Белхан партин лидеро Барзани Масуда кхайкхамбина оцу партина муьтIахь болчу тIемалошка Туркойн кеманаша дечу тIелетаршкахь Иракъан къилбаседанехь беха маьрша нах ца балийтархьама и мохк дIатасар. Шоьтадийнахь цо и дIахьедале масех сахьт хьалха, юьйцучу Эрбел кIоштарчу Заркъел юьртатIе туркойн кеманаша тоьхначу ракетех велла масех стаг. Оцу меттигашкахь машар латтон бина барт бара лелаш туркошний, курдошний юкъахь лурчаха дуьйна. Иза хIинца боьхна. ХIора денна санна етта Туркойчоьно оцу меттиге ракеташ, дуьхьаллаьтта курдой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG