ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь марсадевлла тIемакхийсарш


Украинан Малхбалехь марсадевлла тIемакхийсарш. КIирандийнан буса украинахойн эскарийн дакъошна тIе 148-зза герзаш диттина сепаратисташа. Украинан лерина тIеман операци дIахьочу штабан пресс- агенталло шен Фейсбукерчу агIонтIехь хаамбо, оьрсийн сепаратисташа даккхий герзаш диттина Красногоровкехь, Пескехь, Марьинкехь, Первомайскехь а бохуш.

Цул совнаха, «Град» герз диттина украинхойн декъашна тIе Троицкан кIоштахь. Украинан тIемалоша хаамаш барехь, Мариуполна гонахарчу ярташна Сартанна, Лебединскна тIе а даккхий герзаш диттина сепаратисташа. Лазийна 6, вийна 2 маьрша вахархо.

Иштта сепаратисташа а до аьрзнаш, шайна тIе Украинан эскарша герзаш диттина бохуш. Донецкна тIе даккхий герзаш а тоьхна, массех цIа дохийна, иштта Горловка г1алина диттина герзаш, 3 стаг а вуьйш, чIагIдо сепаратисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG