Казахстанан тенге-ахча 26 процентна дайделла долларна хьалха еарийдийнахь, Iедало иза ша дукха хьолехь луш хуьлучу валютех чIагIо ца еш дитарна. Халкъан банк а, Iедал а керлачу ахчан-кредитан раже йолу, аьлла дIахьедира оцу хьокъехь мехкан премьер-министра Масимов Карима. Мехкдаьттан мах цхьана эшшара бацаро бойтуш бу Казахстане шаьш и хийцамаш. Кхарийдийнахь 200 тенгена герга а хилла боцу цхьана долларан мах еарийдийнахь бара 250 тенге.
Мехкдаьттан дуьнентIера юкъара мах лаьтта кху деношкахь 50 доллар баррелах. Iамеркан энергетикан урхалло йина деношкахь, тIедогIучу 2016-чу шарахь мехкдаьттан баррелан мах 60 долларе ца болуш лаьттар бу, аьлла.