Блок Александр
***
Мохо схьадалийра гIоргIа
БIаьстенан эшаран зов,
Цхьанхьара са сирла кIорга
Къегира дуьненан тхов.
Ткъа оцу серсинчу меттехь
Iай дарцаш нуьцкъала тирси,
ЙогIучу бIаьстенан берттехь
Седарчийн кхаъ-гIенаш кхирсти.
Цхьа гIийла, бодане, кIорга
Дилхира буо мерзаш сан.
Мохо схьаялийра гIоргIа
Аз долу и эшарш хьан.
Гочдархо: Хатаев, Хьусейн.