25 шо кхаьчна нохчийн къомо шен Маршонан рогIера мур дIакхайкхош, Соьлж-ГIалахь халкъан гулам хIоттийна. Цуьнан тIаьхьало ю хIокху беттан 6-гIа де а – Нохчийчоьнан Цаязаран де.
1990 шеран Лахьан-беттан 23-чу-25-чу деношкахь хилира Нохчийн къоман Хьалхара гулам. Цо Нохчийн къоман конгресан кхеташо хаьржира Дудаев коьртехь а волуш. Цул тIаьхьа исс бутт баьлча, 1991-чу шеран Гезгмашин-беттан хьалхарчу шина дийнахь гулъеллачу Конгрессан кхеташоно сацамбира Нохч-ГIалгIайн автономин Лакхара Совет дIасахеца а, цуьнан метта ханна цуьнан депутаташлахь Iийна 13 стаг охьахаон а. Оццу сацамца бара къастийна керлачу Iедалан харжамаш а: парламентан а, мехкан, аьлча а, йозуш йоцчу пачхьалкхан президент харжар а.
24 шо хьалха, кху беттан 6-чу дийнахь де-факто дIахIоьттира Iедале Нохчийн къоман конгрессан кхеташо. Оцу дийнах элира тIаьхьо Нохчийн пачхьалкхан Цаязаран де.
Цул тIахьа ша бинчу шина тIамца Оьрсийчоьно шен долалле юхаялийра Нохчийчоь, цуьнан коьрте шена муьтIахь долу Iедал а хIоттош.
Делахь а ца къаьстина нохчийн цхьан декъах маршонехьа сатийсам. БIеннаш эзарнаша нохчаша ларамбо Цадазаран Дийнан а, Цуьнан вастийн а: байракхан, гимнан. Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь ерриг а Европехь а Iамеркахь а пачхьакхийн шахьаршкахь вайнехан карахь гуш хуьлу Ичкерин байракхаш.
Эрсно Казбекан сурташ.