ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо юй Iедалан динан мехаллаш хьеян?


ТIаьххьарчу шерашкахь маситта бIе бусулба жайна, тептар экстремизмалла шеца карорна деша а, даржо а дихкина Оьрсийчохь. И дерриг а ловш Iийна нах. Амма деношкахь геннарчу Къилба-Сахалинскан гIалин кхело КъурIанан аяташ а оцу могIара а хIиттийна, жайнешкахь хьахо дехкаро догдохйина нехан.

ТIаьххьарчу шерашкахь маситта бIе бусулба жайна, тептар экстремизмалла шеца карорна деша а, даржо а дихкина Оьрсийчохь. И дерриг а ловш Iийна нах. Амма деношкахь геннарчу Къилба-Сахалинскан гIалин кхело КъурIанан аяташ а оцу могIара а хIиттийна, жайнешкахь хьахо дехкаро цецбаьхна цхьаберш, оьгIазбахийтина кхиберш.

Оцу хьолаца дузу Маршо Радионо кху кIиранан шен хаттар. Шуна хIун аьлла хета, нийса дуй дин девзаш а воцчу цхьана прокурорна я суьдхочунна дуьнено а деза лору жайнеш, тептарш Оьрсийчохь «экстремизмалле литературан» декъа хIиттон тешор? Мила хила веза и къастам бан охIла?

ХIоттийначу хаттарна жоп дала лаам болучарна - тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 4 20 72 40 19 8 32.

Аш горгали баийтича, тхо тхаьш а девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 92 6 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 19 8 32

Шайна хетачух лаьцна язде тхан сайте а: radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG