ХIУМА ХУУШ ЙОЛУ КЪИГ
СагIа деха араваьлла миска стаг кхаьчна къиза а, Iеса а, цIармата а нах бехачу махка. Цхьаммо а буьйса яккха чу а ца вуьтуш, яа хIума ца луш мацалла кIелвиса гергга вахна миска стаг.
Кхоьссина гIаж тоьхна, тIам а кагбина къиг лаьцна мискачу стага. И къиг, тIам Iаьвдича, ека Iамийна цо. И къиг чета а йоьллина цхьана нехан неIаре хIоьттина иза. Шозза а, кхузза а неI тоьхна. НеI дIа ца йиллина. Буьйса йоьлла а хиларна, ша гIел а валарна кхин дIа ца воьдуш неIаре охьахиъна миска стаг.
ХIусамнанас кхера кIайчу деман хьокхам схьа а баьккхина дIалачкъийна.
Дукха хан ялале зудчун везарг неIаре хIоьттина. Иза вогIу гичи миска стаг дIалечкъина. Везарго кхаби чохь чагIар а, кхерзина гIезан жижиг а деъна. Везарг зудчуьнца ловза а левзина, шена чагIар мала охьахиъна. Оццу хенахь цхьа бере веъна неIаре. Говран бергийн тата ма-хеззинехь зудчо шен везарг дIалачкъаво, цIийна сонехь лаьттачу тускар кIел. Ша метта а яьлла охьайижна. Мискачу стагана везарг дIалачкъош а, зуда шен меттаяьлла дIаюьжуш а гина. НеIаре веъна бере зудчун цIинда хилла.
Корехь лаьтташ сагIадоьхург гина беречунна.
- Хьо мила ву? - аьлла хаьттина цо цуьнга.
- Со делан лай ву. Кху хIусаме чу ца вуьту со.
ХIусамда зудчуьнга вистхилла.
- ДIаелла неI! - аьлла.
Зуда ша наб кхетта ю моттуьйтуш, шозза а кхузза а мохь тоьхчи бен хьала ца гIаьттина. Зудчо неI дIайоьллу. Миска стаг а хIусамда а чувоьду. Стогар хьала а латийна:
- ОхьахIоттаел яахIума меца ву со. ХIара хьаша а хир ву меца. - аьлла хIусамдас.
Зудчо сискал-мижарг хьалхабуьллу.
- Буьйса юккъеяхна. ЯахIума кийча яц. Аса мичара хIун лур ю шуьшинна, - аьлла хIусамнанас.
Мискачу стага шен четара къиг пхьаьрса кIел Iаьвдина. Къиг екна.
- Иза хIун ю хьан четахь Iаьхнарг? - хаьттина хIусамдас.
- ХIара хIума хууш къиг ю, хин дерг а хаьа хIокхунна. Кхуьнан мотт хаьа суна.
- Делахь хIета хаттал оцу къийге ялта хир дуй тIедогIучу шарахь?
Пхьаьрса кIел Iаьвдина къиг а охьийтий «Хир ду боха» жоп ло мискачу стага. Кхин цкъа а къиг а Iовдий Iохуьйту цо.
- ХIинца хIун боху оцу хьан тамашийначу олхазаро?
- «Якъаелла шийла сискал хIунда юу ашшиммо, шаршу тIиэхьа Iуьллуш кIайчу деман шиъ хьокхам боллушехь» боху-кх.
Цига хьаьжначу хIусамдена ши хьокхам карабо.
Кхин цкъа а къиг Iохуьйту мискачу стага.
- ХIинца хIун боха цо? - хотту хIусамдас.
«Паднара кIел текха чохь лаьтташ кхерзина гIаз ю, цуьнан чоме хIунда ца хьожу шуьшиъ» боху-кх хIокхо.
ХIусамдена гIаз а схьакарайо. Зудчунна дов дан волало иза.
Иштта чагIар а гучудаьккхина цо.
- ХIоккхалла рицкъа кху чохь дIа а лачкъийна хьо хIун деш Iара хIара схьа ца луш? - тIечевхина мар.
- ДенцIа яхьа кечйинера аса уьш, - аьлла бехказаяьлла зуда.
Мискачу стага кхин цкъа а къиг Iахийтина.
- ХIинца мукъана хIун боху цо? - хаьттина хIусамдас.
- Вайшиннех бехк боккху «Шаьш юуш молуш Iа шу». ДIога тускар кIел воллург меца ву. Иза а хIунда ца воьху ашшиммо шуьне?» - боху-кх хIокхо - аьлла гучуваьккхина зудчун везарг.
Цо иштта оллушехь тускар тIера дIа а кхуссий воду везарг. ХIусамда цунна тIаьхьа воду. СагIадоьхург дIавоьду.