ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къийго коьртах тIулг тохар. (Туьйра)


КЪИЙГО КОЬРТАХ ТОЬХНА БIАР Даиман ламчохь вехаш, стоьмийн беш газа хилла цхьаъ. Цкъа лахенга охьавеъна иза. Беш а гина беша вахчи, тайп-тайпана стоьмаш, хасстоьмаш гуш цецваьллачу цо далла хастам бина. - Хастам бу хьуна дела сел беркате хIара стоьмаш кхолларна. Бакъду, со цецваьккхина ахьа оццала йоккха паста юткъачу хутал тIе а тесна кегийра бIараш доккхачу дитта тIе хIунда оьхкина? Стаг гIелваллалц бешахула а лелла бIаран дитта кIел охьавижна. Дитта тIе хиъначу къийго зIок тоьхна бIар чухецна. Вижна Iуьллучунна хьаьжа юккъе кхетта иза буьччалг а хIоттош. Вижна Iуьллург, коьртах ка а тухуш хьалаиккхина . - Хастам бу хьуна дела массо а хIума сел нийса кхолларна. Дитта тIера чудеъна бIар пастаналла хиллехь сан корта кагбийра бара-кх цо, - аьлла стага.
XS
SM
MD
LG