ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу агIонех муьлха бакъ ю?


Шемарчу президентан Асад Башаран Iедална тIеман а, гуманитаран а гIо латтош ю Оьрсийчоь. Цунах мукIарло дина президента Путин Владимира а. Ткъа оцу юкъанна Iамеркан Штаташа а, Европано а зуламе лору Асад а, цуьнан Iедал а.

Политикерчу оцу шина позицина гонах хир ду вайн кху кIиранан хаттар. Шуна хIун аьлла хета, зуламе дуй Асадан Iедал? Муьлха агIо бакъ ю: Москох я Вашингтон?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG