ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алексиевич Светлана, тIеман мостагI, Нобелан лауреат


Алексиевич Светлана, Нобелан лауреат
Алексиевич Светлана, Нобелан лауреат

Кхушеран Нобелан совгIат Беларуссерчу яздархочунна Алексиевич Светланина даларо цецдаьккхинера литература езачийн дуьне. И автор дуьненна а шен „нон-фикшн“ жанрехь, аьлча а исбаьхьаллин йоцучу литературехь яздеш хиларна а, кхин башха дукха тептаршца г1араяьлла ца хиларна а.

„Адамашна дала ца лаьара. ХIорачу узарна орцах довлура тхо, хIора а махIарна. Цхьана човхиллачуо, ша леш ву-кх бохучух кхеттачу, катоьхна белшах летта, схьалецира со, дIа ца хоьцура. Цунна хеталора, шена уллохь цхьаъ хилла, лор шена уллохь хилча, дахар шена чуьра дIадер дац аьлла. Цо дехарш дора: „Кхин а цхь ана пхеа минтехь вахийтийша, кхин цхьа шина минотехь мукъане а...“ бохуш.

Цхьаццаберш тийна-таIьна лера, ткъа вуьш берш чIогIа, гIовгIане, маьхьаршца. „Суна ца лаьа вала“ бохуш. Цхьаъ йиша лакха волавелира ша лечу маьргонехь, молдавхойн къоман йиш. Стаг лечу хенахь тешаш ца хуьлу ша боккъал а леш ву-кх бохучух.

Ткъа уллехь лаьттачу хьуна гуш хуьлу цуьнан месаш бухалоша схьа можа бос гучуболуш, иза IиндагIа цуьнан юхьтIехула даьржаш, духаршна бухахухла дIадоьдуш... Велла хуьлу иза тIаккха, ткъа цуьнан юхьтIехь цхьа тамашийна цецвалар хъуьлу соций: муха? Велла со? Велла-м хир ма вац со? - бохуш санна“.

И кийсак Алексиевич Светланин „ТIеман зудчуьн юхь-сибат ца хуьлу“ цIе йолчу уггаре а евзачех киншки тIера ю. Кху шеран литературехь Нобелан совгIатца къастийначу Беларуссерчу яздархочун йоккхачу литературе некъ болийна а, цуьнан кхоллараллехь хIинцалца схьа коьрта жайна хилла дIахIоьттина а ю и киншка.

ШозлагIчу дуьненан тIамехь дакъалоцуш хиллачу зударийн кхолламех лаьцна ю и документала киншка, цу зударшна шаьш дийцинчух хIоттийна.

Цхьа а кепара хаздарш а, шалхааларш а доцуш, къиза а, чамбоцу а, маьттаза а бакъдерг гойту Алексиевичс шен тептарехь. Цуо гойту, дерачу тIамехь шайна лаахь а, ца лаахь а, Iедалийн омрица дакъалаца дезначу къоначу мехкаршна а, кхиаза девллачу зудберашна а, гIеметтахIиттинчу зударшна а тIехIоьттинчух, царна гина, цара лайначух лаьцна.

Цхьа а сиз, цхьа а амат дера дац цу зударийн дагалецамашкахь, церан къаьхьачу дийцаршкахь официалан советийн пропагандано киношкахь а, киншкашкахь а масех советан адамийн чкъурана гайтина хиллачуьнца цхьаьнадогIуш.

Алексиевичан турпалхойн кхин бакъдерг ду – божарийн дуьненах лаьттачу тIамтIехь зударий а, зудбераш а сийсаздарх, церан цу дуьненчохь уггаре а халох а, уггаре а сийдоцу а меттиг хиларх, уьш, цара мел хала а, ца хилча ца болу а лоьрийн а, медйижарийн а болх барх, дегIдухкучу атталелачу зударийн цIе шайна тIехь йисина хиларх а, уьш иштта, маьттаза зударий санна, тIом дIабаьллачул тIаьхьа а юкъараллехь тIеоьцуш хилла хиларх а.

И дерриге а Советан пачхьалкхахь а, дуьненан литературехь а дуьххьара дийца йоьхьнарг Алексиевич Светлана яра. Цул хьалха а цхьа а ца хIоьттинера тIамех дакъалацар турпаллала санна бен гайта ца магийначу пачхьалкхахь цу тIеман маьттаза а, харц а сибат гайта.

Ткъа иза цо гайтаро миллионаш адамашна бина тIеIаткъам бийцина ца валлал боккха бар. Нохчийн яздархочуо Элдиев Микаила, ша а тIом гина а, тIамех яздеш а волчу, дийцира Маршо радионе, Алексиевич Светланин йозанаш дешначул тIаьхьа, ша набарах воьхна дуккха хан яьккхира бохуш.

Элдиев: „Оцу Нобелан совгIатех тIаьхьарчу шерашкахь гIехьачул чамбаьлла вар со цара шайн сацамаш политикан тIеIаткъамца бо аьлла хеташ. Амма кху шарахь цара литературехь совгIат Алексиевич Светланин даларх чIогIа там хилла суна. Цунна иза вуно догIуш а ду, цунна санна догIуш и совгIат тIаьхьарчу иттех шарахь цхьанна а делла а ца хета суна.

Цуьнан кхин дIа йолу кхолларалла ца хьехийча а, и цхьа „ТIеман зудчуьн юхь-сибат дац“ боху киншка схьаэцча а гуш ду цуьнан похIма а, цуьнан дешан говзалла а, цуо айъочу теманийн чолхалла а. Со иза ешча дукха лелла наб ца кхеташ, суо а тIом гина волшехь. Дала похIма лакхадоккхийла цуьнан тIейогIучу хенахь, шен позицина тIера ца йолуш дIаяха ницкъ а лойла цунна!“

Амма харц хира дара Алексиевич Светлана цхьана „ТIеман зудчуьн юхь-сибат дац“ бохучу киншкин автор санна йийцича. Цуьнан кхин дIа йолу кхолларалла а „нон-фикшн“ жанрехь язйина ю, аьлча а, исбаьхьаллин-документаран литературин дозанехь. Бакъду, муьлха а тема шен рогIерчу тептарна Алексиевичс харжахь а, юкъараллийна а, пачхьалкхана а уггаре а лазаме агIонаш толлу цо.

Иштта, масала, „Чернобылера доIа“ цIе йолчу киншки тIехь, цуьнан цIаро гойтуш ма-хиллара, дуьненан исторехь уггаре а йоккхачу атоман катастрофех йаздира цуо, советийн пропагандано хьулдинарш гучу а дохуш. Ткъа „Эчиган божабераш“ романехь цуо гулбира, ОвхIанехь байъинчу советийн салтийн нанойн а, йижарийн а, хIусамнанойн а дагалецамаш.

Цу кепара лазаме теманаш шен кхоллараллехь йийцаре еш йолу автор, кхеташ ма-хиллара, цхьаттера хесторца тIеоьцуш яц ешархоша. Иза гойту цунна Нобелан совгIат делла боху коста даьржича социалан машанашкахь яьллачу гIовгIано а.

Цхьаболчара Алексиевич вайн заманахьлерачу литературин вуно говза векал лору, вукхара иза янне а яц яздархо, цунна и тайпа совгIат далар нийса дац бохуш яздо. Къаьстина алсам дека яздархочунна и совгIат даларна резабоцучийн аьзнаш Оьрсийчуьра. Иза тамашийна а дац.

Муьлха а корматалле яздархо хила хьакъ ма-дарра, Алексиевич сема ю Iедалийн а, ницкъ болучийн а харцонашца. Цундела цуо къар ца луш критике йо таханлерачу Оьрсийчоьнан куьйгалло дIахьош йолу политика а, Путин Владимир ша а. „Суна цIена а, гуманитера а долу оьрсийн дуьне деза, амма суна ца деза Сталинан, Бериян, Шойгун оьрсийн дуьне“ - элира цуо шена совгIат деллачул тIаьхьа журналисташна ша еллачу интервьюхь.

Иза цуьнан даималера позици хиларан тоьшалла дан йиш ю Маршо радионан. Германерчу ПЕН-Центран стипендиат хиллачу Алексиевич Светланица хийлаза цхьаьнакхетарш а, дехха къамелаш а дан йиш хилла сан даханчу шерашкахь.

ХIора а шен юкъараллехь йистхиларехь а, литературан суьйренашкахь а цуо дийцаре дора Путинан Iедало Нохчийчохь хIоттийнарг а, Гуьржехахь а, Украинехь а Кремло лелош дерг цунна дуьнено Нохчийчуьра къизаллаш доп ца доьхуш йитаран жамIа хилар а.

Ткъа приватан цхьаьнакхетаршкахь цецвоккхуш ду цу жимчу дегIарчу, тийначу озаца бен йист ца хуьлучу, оьздачу зуьдчун адамалла а, цуьнан сонтаяцар а, къинхетамаллин барамаш а.

XS
SM
MD
LG