Полшехь тховкIело елла веха, шен децIахь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна волу цкъачунна прессехь цIарца вуьйцуш а воцу Нохчийчоьнан цхьа вахархо дIавоьху Оьрсийчоьно, цунна кхел ян Iалашонца. Варшаверчу кхело ша оцу хьокъехь бина баржийна оршотдийнахь. Нохчийчуьрчу а, Оьрсийчуьрчу а нуьцкъаллийн структураш кхераме бу оцу стагна.
Иза Полшехь мухIажиран статусехь веха 11 шо ду, Оьрсийчоьно адамашна тIехь, церан бакъонаш а ца ларъеш, харц-кхелаш а еш хьал латтаран тоьшаллаш тоъал ду шайгахь, шаьш шайн махкахь веха мухIажир юхалур вац, аьлла кхелахоша.