Балканашкара жимачу Косово пачхьалкхца гергарло тосу кехаташ хIиттийна Европан Берто.
Страсбургехь шинарийдийнахь и иэсехь дуьсур долу документ тIечIагIдина Косовон премьер-министра Мустафа Iисас а, ЕвроБертан арахьарчу гIуллакхийн министрийн лидеро Могерини Федерикос а.
Кеста ЕвроБертан 29-гIа мохк хила тарло Косовох. Бакъду, кандидатна оьшшучу кепара демократин хьелаш дуьзина довлаза, низамийн реформа, кхелан либерализаци йина ялаза пачхьалкх лору иза Европерчу цхьаболчу тергамчаша.
2008-чу шарахь дIакъаьстира Косово Сербех, цуьнца шен ехха конфликт лаьттинчул тIаьхьа.