ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинахошна тIехь ечу кхелах кхаьрда дуьне


Нохчийчоь - дов хоттуш кхеле валийна Карпюк Николай а, Клых Станислав а.
Нохчийчоь - дов хоттуш кхеле валийна Карпюк Николай а, Клых Станислав а.

Нохчийчохь Оьрсийчоьнан федералан эскаршца бечу тIамехь дакъа а лаьцна, царна дараш а дина, аьлла, кхеле валийначу шина украинахочун Соьлж-ГIалара кхел йол-йолуш Оьрсийчохь а, цул арахьа а гIарайолуш ю ладегIаршкахь тамаше а, беламе а, тергойийраш ца тешаш а хиларца.

Къепе лар цаярна, собарх вохарна аьлла, шозза кхелера араваьккхина Карпюк Николай,ткъа дегI дика доцчу цуьнан накъостана лоьрашка кхайкха дезна.

Кхаарийлийнахь суьдхочуьнца лераме йойуш, тIех шога йистхиларна аьлла. шозза-кхузза бехк баьккхинчул тIаьхьа, лаьцначеран агIонча йолчуьра дIа а йоккхуш, кхел йоьдучу хIусамера араяьккхина юкъараллин адвокат Савченко Вера а.

Чуьра араяла, шен гIирс-хIуманаш тIугульеш, Савченкос аьлла: «Оьрсийчоь Украинан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIерта оьшуш дац». ТIаккха ша арайолучу юкъана кхин а чорда, юьхькIаме доцу, кIо дош Савченкос аьлча, кхелахочо Iедал сийсаздеш а лерина, цунна административан протокол хIоттадайтина.

ТIаьхьо, «ас кхел аьшнашъеш аьлла хIумма а дац», дIахьедина Савченко Верас.

Церан дов хатта долийначу хьалхарчу дийнахь суьдо прокурорана чубохка хьийзош болчеран тоьшаллаш дIадеша а,гайта а бакъо елча, нисделла дуьххьала Карпюк Николай кхелера араваккхар. Иза пачхьалкхан бехканчина резавоцуш карзахе юкъагIиртина и даре-тоьшаллаш шегара ницкъ беш, бертаза даьхна ду бохуш. Цуьнан жигаралла низам дохош а лерина араваьккхина иза суьдхочо.

Дов хоттучу шолгIачу дийнахь адвоката Ицлаев Доккас барта ши дехар дина: цхьадолу тептар-кехаташ,лартIа цахиларна, девна юкъара дIадахар а,видеокамерца чохь суьрташ дахийтар доьхуш а.

И тIаьххьарниг кхело ца магийна, ткъа хьалхара дехар кехат тIехь йозане а дерзийна чудалар магийна. Тоьшаллин векалш чубалийча, прокуроро Карпюк Николай левеш, барт хаттам бина протоколаш дехкина цунна хьалха,куьг язораш хьайн ду дац хьажа аьлла.

Карпюка юха а дуьхьало йича,уьш тоьшаллин векалшна гайтина. Прокуроро хьалхарчу дийнахь санна,ша салтий байарна даре деш Карпюк куьг –язораш дехкина протокалаш схьаохьа долийча,нисделла иза шолгIа а кхелера араваккхар, цо «кху циркехь дакъалаца лаам бац шен» аьлла зевне дIахьедар дича.

Бехке лоручо тIаккха билгалдаьккхина шегара и тоьшаллаш харц тIеIаткъам беш, ницкъалла даьхна хилар. Цу хьокъехь цо кхеле аьлла: «Деа дийнахь суна ток еттийтина,сайна а,сайн накъосташна а дуьхьал соьгара тоьшаллаш даха гIерташ.

Ас юха ца волуш дуьхьало йира. 5-чу дийнахь соьга талламхочо элира,шаьш гIелделла соьга корта бетташ къамелаш дан а, шаьш кхин некъ лохур бу.

Цо суна кхерам тесира, ша омра а дина, хIетахь итт шо бен доцу сан кIант схьа а валавайтина, хьуна хьалхха кху чохь тIеIаткъам бийр бу аьлла".

Карпюка дийцарехь тIаккха берта вахна иза талламхо а: цара кхуьнан доьзал хьебийр боцуш, кху муьлхха кехатна буха а куьг яздийр долуш.

Карпюк Николай а, Клых Станислав а кхела хьалха хIоттор бахьнехь дукха шеконах дуьзна масалш,бIосталлаш ялайо «Мемориал» центран бакъонашларьярхоша а.

Хьалха хьехийнарш йоцуш, мехалчех лору цара хIара а. Цу шимма оьрсийн салтий байина бохучу бехк токхаман гIуллакхехь билгалдоккхуш ду эскархой,минаш лелхар,гаьргаш еттаялар бахьнехь белла хилар.

«Кхеташ дац церан Iожаллина бехке хIара шиъ а,цу гIерана юкъахь хилла боху вуьйш а стенна бу? – хеттаре буьйлу бакъонашларьярхой.- Талламхоша шаьш ялийначу версешца, бехкала эгочаьрга хилла мА яц яй маса тоьпашший, иччархойн винтовкашший бен.

Доцца аьлча Соьлжа гIалахь хатта долийна дов,хан мел ели а, шена гонаха гIовгIане,зевне «дурр» лаьтташ,кхардаме гIардала тарлуш ду Оьрсийчохь а, Украинехь а.

XS
SM
MD
LG