ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь доьхначу кеманна тIехь хилла некъахойх мила-мила ву къастор доладелла Петарбухехь


Мисарахь доьхначу кеманна тIехь хилла некъахой мила-мила ву къастор доладелла Петарбухехь. Цунах лаьцна хаам бина Орцаллан министраллан психологин сервисан куьйгалхочо Шойгу Юлияс. Оршот Iуьйранна Орцаллин министраллан хаьлхарчу кемано КъахIирера Петарбухе дIакхачийна 144 дакъа.

Уьш морге дIахьовсийна, талламан экспертиза ян. Кеманна тIехь хиллачу 224 стагана юкъахь ву 132 Петарбухера вахархо а, 46 Ленинград махкара вахархо а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара 34 стаг а, ткъа иштта Украинин 4 махкахо а, цхьаъ беларус а.

Цу кеманна тIехь хиллачу нехан синошна хьажийна мемориал кхолла мега Петарбухехь аьлла, дIахьедар дина цу гIалин губернаторо Полтавченко Георгийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG