Францин Iедало бечу хаамца, берриг а махкахь цхьа 170 меттехь рейдаш дIаяьхьина полицино пIераскана динчу терроран тохарийн лорах. Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Газеню Бернара дIахьедира оршоьтадийнахь, 23 стаг лаьцна, 100 сов стагна цIера аравала дихкина, аьлла.
132 стаг а вуьйш Парижерчу стадионехь, концертийн хIусамехь, ресторанехь, барашкахь нахана тIелатарш динчу зуламхойн уьйраш лохуш ду Iедал. Шаьшкара шахIидан доьхка эккхийтина велла тIелатархойх 7.
Царех шинна цIе евзина, боху полицино. Францин премьер-министра Вальс Мануэла, тIелатар кеч а дина, чу а деана Шемара, элира. Оцу юкъанна Францино шен тIеман кеманаш хьовсийна авиатохарш дан, бохуш даржадо прессано, Парижна терроран тохарш динарг ша ю бохучу «Исламан Пачхьалкх» олучу тобано куп тоьхначу Ракка гIала.
Цигахь цара герз дIаIалашдинчу гIишлошна а, террорхой кечбечу базанна а тIе ракеташ тоьхна, боху прессано.