ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижера талораш къобалдойла дуй?


Франци -- Юьхь лачкъийначо интернетехула"Исламан Пачхьалкх" тобанна тIеэцна Парижехь дина талор.
Франци -- Юьхь лачкъийначо интернетехула"Исламан Пачхьалкх" тобанна тIеэцна Парижехь дина талор.

Шайн децIахь дехха шерашкахь тIеман баланаш лайначу нохчаша боккхачу сингаттамца тIеэцна Францин коьртачу гIалахь Парижехь, дуккха а нах а бойуш, дина терроран тохарш.

Шайн децIахь дехха шерашкахь тIеман баланаш лайначу нохчаша боккхачу сингаттамца тIеэцна Францин коьртачу гIалахь Парижехь, дуккха а нах а бойуш, дина терроран тохарш.

Хилларг чIоггIа лазаме хилар юьхьар а оьцуш, Маршо Радионо терроран хьокъехь кечдина шен кху кIиранан хаттар.

ТIемаш боьлхучу меттигна дуккха а генахь, кхечу мехкашкахь, бекхамбо, олий, цхьана наха зуламаш до маьршачу бахархошна. Иза нийса дуй шун кхетамехь, бехке лара догIий Малхбалехь тIемаш латтарна, масала, Парижехь стадионехь, я ресторанехь садоIуш Iаш байина нах?

ХIоттийначу хаттарна жоп дала луучарна - тхайн телефонаш.
Прагица зIене волуш: + 4 20 72 40 1 8 32


Горгали баийтинчул тIаьхьа, охьайилла а тарло телефон, тхаьш девр ду тхо дуьхьал зΙене.


СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 92 6 23 60 4 65.
Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 19 8 32
Шайна хетачух лаций язде тхан сайте а: radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG