ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу олигархийн Лондонера хIусамаш

Лондонехь тоьлла лору меттигаш Найтсбридж, Кенсингтон, Челси тайна дуьненан массо а маьIигашкара тIеоьхучу совдегаршна. Цара ларамца оьцу цигахь цIенош. Церан декъахь бу Украинера олигархаш а.

1,5 миллион фунта тIера буьйлало хIусамийн мехаш – 20-25 эзар вахархочух лаьттачу Украинерчу цхьана юьртан бахам бу иза.

ТIеоьху капитал цIена дацар а хаалуш, Британин Iедало кест-кеста айдо хIусамаш йохкар-эцаран низамех долу къамел. Амма дуккхахболчу эцархоша къайлахьо ахча шайн каракхачар довзуьйту некъаш.

ТIаьххьарчу шерашкахь алсамбевлла Украинера эцархой. “Схема” программин журналисташа а, Маршо Радионо а схьайиллинчу проектаца а догIуш, репортераша Седлецкая Натальяс а, Савчук Максима теллира Лондонехь гIишлош юхку а, оьцу а кепаш.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG