ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина украинхочунна дуьхьал дина тоьшаллаш хийцина


Нохчийчохь тIемаш барна бехкевеш, дов луьстучу шина Украинан вахархочун Карпюк Николайн а, Клых Станиславан а шина тешо а, цара вийна лоручу цхьана эскархочун нанас Бакулева Галинас а шаьш хьалхо кхелехь дина тоьшаллаш хийцина, хаамбо Клых Станиславан адвоката Ицлаев Доккас.

Тоьшалле валийначу шиммо хьалха чIагIдора, шайна дуьхьал Карпюка а, Клыха а тIемаш бина меттиг цхьаъ ю бохуш. Ткъа хIинца, кхелан рогIерчу ладегIаршкахь йийцина меттигаш аьттехьа а яц цара хьалха йийцинарш.

Цара а санна, шен тоьшалла кхечу кепехь дина рогIехь вийначу салтийчун нанас Бакулева Галинас а. Оцу хиламаша а гойту, ши украинахо хIуманна а бехкевацар, чIагIдо адвоката Ицлаев Доккас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG