ОвхIанистанан тIеман министралло бинчу хаамца, Кандагар гIаларчу базина а, аэродромна а тIелеттачу тIалибаша вийна 37 маьрша вахархо, 35 – лазийна. Шинарийн маьркIажчу хенахь болийна тIом бен 24 сахьт даьлча а берзаза бара, элира тIеман министран пресс-секретара Давлат Вазирис.
Цо бахарехь, 9 тIалиб вийна, ткъа масса эскархо велла хаьттича, журналисташна жоп ца делла цо. ОвхIанистанан Кандагар провинцерчу цхьацца хьостанаша дуьйцург кепатоьхча гуш ду цигахь тIемаш лаьттийла а, уьш массо а агIор эскарша къевлина латточу, Кандагарна 30 чаккхарма юьстахлаьттачу аэродроме а тIехь кхочуш хилар.
Дела реза хуьлда х1ара г1уллакх дечарна.