ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Iодика ма елахь...


Iодика ма елахь... Меллаша ялий дIагIолахь,

Малхана делалой дIадоьду сирла тхи санна...

Синлазам белхабеш хилийта буьйсанан болар,

Лазаме я мерза хилийта сан кура цхьаьлла

Хьо йоцуш и хилахь. Iодика ца еш дIагIолахь.

Сатийсам ма лолахь, Къабилан къа санна базбеш,

Яц хьуна ойланийн ловзарша йоьттина гIала.

Доьхначу дегнаша синошна кхел йоьхуш, арз деш,

ДогIанан цхьа тIадам лаьтта ца Iанабо Дала...

Сатийсам ма лолахь... Ца хилча санна дIагIолахь...

Дешнаш ма диталахь ... Айхьа уьш мел хаза аларх,

Совдаьлча мерзачу мазах а Iаьржа дIовш хилла...

Серсачу догIано экаме хьистина Iалам,

Шийлачу вертанца дIахьулдеш тIеюссу чилла...

Дешнаш ма диталахь... Бералла санна дIагIолахь...

Цхьа дагалецам бен ца буьтуш дIагIолахь. Суна,

Диц ца дан цкъа мацах сан ирсе мIаьргонаш хиллий...

Мел вехха хьо ларъян сайн дагчохь сел хаза, къона,

Яздан а хьоьх лаьцна чекхдала йиш йоцу илли...

Тийналла ца къахкош, кIайн марха санна дIагIолахь....

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG