ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Шийлачу дуьненахь гIортор а йоцуш...


*****

Шийлачу дуьненахь гIортор а йоцуш,

ГIаддайча букътоха сайн берд а боцуш,

Iазапе боьдучу новкъа суо ваьлча,

Суьлхьанех сайн дахар суо листа ваьлча,

Суна-м суо караво буо санна гIийла.

Iесачу ойланех къинойн мохь хилла,

Сайга сатуьссучийн гIайгIа а хилла,

Висча со дагардан сайн дисна денош,

Сих – сиха ган даьлча лаьхьтанан пенош,

Суна-м суо караво чурт санна цхьалха.

Элаллех вохийна кIайн эла санна,

Буржалша гIелвина йийсархо санна,

Сайн дагалецамаш суо хьеста ваьлча,

Ирсечу гIенашка сатийсса ваьлча,

Суна-м суо караво сайн Деле кхойкхуш.

ЦIе йоцчу кхерчахь сатийссамаш багош,

Махкана лезна дог балано дагош,

Къизаллин охIланна суо дуьхьал лаьтташ,

Со кхалла кечделча суо кхаьбна латта,

Суна-м суо карийна хастам беш Далла.

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG