ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Артист Назаров реза вац Оьрсийчоьнан телевизионна


Оьрсийчоьнан халкъан артист Назаров Владимир дIаваьлла Оьрсийчоьнан юкъараллан телевизионан кхеташонна юкъара. Иза реза вац цу телеканало дIахьочу политикана а, иза декъашхо хиллачу кхеташонан куьйгалхочо Табаков Олега Украинин а, украинахошна а дуьйцучунна а.

Табаковга хьажийначу кехатана тIехь Назаровс яздарехь, Оьрсийчоьнан юкъараллан телевизионо терго а цаеш юьтуш ю мехкан проблемаш, шайна юкъахь бахархой къебалар а долуш.

«Заводаш лаьтташ ю, индустри болх беш яц, яккхийн машенашлелорхой тIебаьхкина Москохана, ткъа телевизион тап аьлла Iаш ю»,- яздина Назаровс. Актеро дийцарехь, Табаков Олег Павлович луьш ву, там боцу хIуманаш а дуьйцуш, Украинина а, украинахошна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG